Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Грозненский педагогический колледж»

Байтъешархойн къовсам

24.04.2020

Хьоме доттаг1ий! Т1екхочучу Нохчийн меттан Денна лерина оха д1аяьхьнера "Байтъешархойн къовсам" ц1е йолу конкурс.Вайн студенташа кхузахь а жигара дакъалеци, шайн видеороликаш йоуьйтуш.Царах конкурсан комиссино 12 тоьлла видеоролик схьахаьржина, вайн аккаунта т1е @grony_pk х1ийттийра. Вайн махкара интеренет лелорхоша тидаме ийцира конкурс. Тхо даккхийде вайн махкахоша ненан маттахь йолчу байтийн тидам бина а, царна уьш хазахетта а.Баракаллах1 боху оха конкурсан декъахошна а.Ткъа конкурсан жам1, вайна ма- хаъара, хьовсархойн аьзнашца дийр долуш дара. Вайн махкахоша иштта мах хадийна байтъешрохойн: 4 курсан "Б" тобанан студенткина Боглаева Хьавайна а, 4 курсан " К" тобанан студенткина Маликова Хадижина а 1163 шайн аз делла вайн хьовсархоша, 1 курсан " З" тобанан студенткина Гериева Жайнина - 529 аз.Оха декъалбо толамхой, лаьа кхид1а а церан кхоллараллин кхиамаш хуьлийла.Ларамца, Анзор Гатаев.

Подробную информацию и видео-материалы Вы можете найти на нашей официальной инстаграм странице https://www.instagram.com/grozny_pk/