«Мотт бацахь, къам а дац»
27.01.2023Ассаламу 1алайкум! Соьлжа-г1алин хьехархойн колледжехь кураторски сахьт д1адаьхьира. Иза лерина дара: «Мотт бацахь, къам а дац» ц1е йолчу темина. Кураторски сахьт д1адаьхьнарг йара нохчийн меттан берийн литературин хьехархо Логиева Тамила. Ненан маттал хьоме х1умма а дац, йа хила йиш а йац. Нохчийн мотт - иза вайн къоман мотт бу, вайн ненан мотт бу, къоман са, адамаллин куьзга ду. Мотт - иза массо а х1уманан бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, сий, йахь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица ду: «Мотт бу – къам ду, мотт бац - къам дац».